ГБУ "Республиканский Онкологический Диспансер"

Чеченская Республика, г.Грозный

Новости диспансера

 
19 октября 2016 г.
Иза баркалла ала хьакъ ву

Дуьнен чохь адамана дуккха а хIуманаш тIеIиттало. Къаьсттина могашаллех цхьаъ хьакхаделча, холчохь хуьлу адам. ТIехьа-Мартан кIоштан яхархочунна Мирзуева Умидатана а тIекхечира хала киртиг. Иза дара Онкологин диспансере иза хьажийча. ХIетахь шега дика хьаьжначу Онкологин диспансеран лоьрана Магомадов Муслимана а кхиболчу лоьрашна а баркалла алар доьхуш, кехат яздинарг цо редакце.

«Ши шо хьалха дара Онкологин диспансерехь дарба лаха со яхча. Цигара берриге а аьлча санна, лоьраш соьга дика хьаьвсира. Церан хIораннан а дика цIе яккха лаьа суна. Делахь а, къаьсттина суна баркалла ала луур дара лоьрана Магомадов Муслимана. Хууш ма-хиллара, онкологин диспансере кхаьчча, муьлхха стаг а воьхна хуьлу, хIума дицлуш хуьлу. Даима санна, шен цамгаран ойланаш а йо. Иштта со а яра. Цига дуьххьара со кхаьчча дуьйна диспансеран хIора а лор сайца къинхетаме хиларна, тIех гIайгIа а ца йора ас. Ткъа Муслим, кIант шен нене ма-хьажжара, оццул цIеначу даггара, лерина хьожура соьга. Со гIайгIане гича а, ша сиха воллушехь, къамел деш сацалора. Цуьнан къамеле ладоьгIча, дахарх юха самукъадолура. Учахь ша вогIуш-воьдуш сох бIаьрг кхетча а, «Дерриге а дика хир ду, деца» олура Муслима. Дукха хьолахь, церан хиллачу къинхетамо лазар дайдора сан. ХIора 3–4 бутт мосазза бели, дарба дайта диспансере иттех денна чуйижар нисло сан. Дуьххьара цига йоьдуш, оцу диспансеран цIе яьккхича а, сан даг чу кхерам тосуш хиллехь а, цул тIаьхьа дуьйна-м, со тIеяхча цигахь хьовса говзанчаш буйла а хууш, сапаргIат йоьду. Онкологин декъехула цамгаро со лаьцна ши шо гергга хан ю. ХIинца-м, диспансере йоьдуш, иза сайн цIа хета суна. Цигара лоьраш бевзина а ца Iаш, медйижаршца а, санитаркашца а гергарло ду сан. Сайн цамгаран бен кхин еш ойла а йоцуш, цхьана а хIуманах самукъа а ца долуш, со лелачу хенахь суна бевзина а, соьга хьаьжна а бу диспансеран белхахой. Соьлжа-ГIала яхар сайн нисделча, леррина царах бIаьрг тохархьама цига йоьду со. Уьш гича суна гуттар а хазахета. Суна мехала ду цаьрца долу гергарло», – яздо Умидата.

Шен а, Онкологин диспансерехь дарба карийначеран а цIарах цигарчу лоьрашна баркалла алар доьху У.Мирзуевас.

З.ЛОРСАНОВА


Количество просмотров: Счетчик посещений Counter.CO.KZ - бесплатный счетчик на любой вкус!

Есть вопрос или комментарий?..


Ваше имя Электронная почта
Получать почтовые уведомления об ответах:

| Примечание. Сообщение появится на сайте после проверки модератором.


Вернуться в раздел Новости диспансера

Мы в Инстаграм

Instagram

Контакты

8(8712)22-63-83
gburod@bk.ru

Россия, г. Грозный, ул. Леонова, 81
Открыть контакты